GlaD!AtOr.
AxMAd   Brussels, Brussels Hoofdstedelijk Gewest, Belgium
 
 
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо,
1уьйранна лом уг1уш тхан ц1ераш техкина.
Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна,
Тархаш т1ехь дой хьийзо дайша тхо 1амийна.

Халкъана, махкана наноша кхоьллина,
Цаьршинна эшначохь, майра д1ах1иттина.
Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна,
Халонех, бохамех курра чекхдийлина.



Мокхаза ламанаш даш хилла лаларах,
Дахарехь, къийсамехь яхь оха д1алур яц!
Бос 1аьржа ва латта молханах лелхарах,
Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац.

Тхо цкъа а цхьаннена къарделла совцур дац,
1ожалла, я маршо - шиннех цхьаъ йоккхур ю!
Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо,
Хьомсарчу б1аьргаша хьуьнаршна г1иттадо.
Currently Offline